Цхьогал а, акха-котам а
Цкъа цхьана дийнахь мацалла дала доллу цхьогал хилла хьуьнахула дедда дог1уш. Ц1еххьана хьалахьаьжча, дитта т1ехь Iaш акха-котам а гина, цхьогал сецна. Цхьогал гина кхераеллачу акха-котамо мохь тоьхна. Дика д1а а нисделла, цу дитта к1елахь охьа а хиъна, хьастаделла, цхьогало акха-котаме аьлла:
— Хьажахь, ма тамашийна х1ума ду xlapa, х1инццалц схьа акха-котамаша мохь легашкара схьа туху моьтташ дара-кх со, х1инца хии-кх суна, цара б1аьргашца мохь хьоькхуш хилар.
— Х1ан-х1ан, цхьогал, хьо г1алатдаьлла, оха легашкара схьа туху мохь, б1аьргашца ца туху, — аьлла акха-котамо.
— Д1аялахь д1а, хьуна хьайна а ца хаьа, айхьа х1ун дуьйцу. Нагахь хьо сох ца тешахь, охьайосса со йолчу, аса хьан б1аьргаш д1акъовлур бу, т1аккха, нагахь санна ахьа легашкара мохь хьакхахь, хьо бакъ лоь-кха.
— Со кхоьру охьайосса, ахьа юур ю со — элира акха-котамо.
— Вай, ма эрна ду-кх хьан кхерар. Аса дуй биъна, стохка дуьйна цкъа а акха-котаман жижиг ца даа, нагахь аса сайн дуй къарбахь, к1амдар а кхетта, со лийр ду, — элира мекара цхьогало.
Акха-котам, цхьогалх теша а тешна, дитта т1ера охьайоьссира. Катоьхна цуьнан когаш схьалецира цхьогало:
— Дела дуьхьа, ма 1овдал а ю хьо, сох теша мегар ма дац, х1инца аса хьо юур ю!
— Ма яахьа со иштта, — дехар дира акха-котамо. — Со яале хьалха, ахьа Деле: «Йо, Аллах1-Дела, хьан ц!арца аса яа йолайо xlapa», аьлла, дехахь, сан жижиг хьуна дийнна шарахь даа тоьар ду-кх.
Цо бохучух теша а тешна, цхьогало бага д1айоьллушехь, Деле дехар дан, к1елхьараяьлла акха-котам, т1ома а яьлла, ша хьалха 1ийнначу дитта т1е охьахиина.
— Х1ан, х1инца хьо ю хьуна 1овдал! — аьлла, ша к1елхьараяларна йоккхаеш йолчу акха-котамо.
Ша лейина хилар ца лалуш, д1асахьийзара цхьогал, х1ун дийр ду ца хууш. Ша цомгуш хилла, бохуш, гайх кадетташ, ц1ийзара, узарш а деш, дитта к1елахь д1асакерчара цхьогал.
Оцу хенахь таллархойн а, церан ж1аьлийн а йоьвлла г1овг1анаш хезира цхьогална.
— И х1ун г1овг1а ю-те? — хаьттира цо акха-котаме.
— Шек д1а ма ялалахь, уьш-м барзана т1аьхьа боьвлла жа1уй бара, — жоп делла акха-котамо.
Дукха хан ялале, «г1алх-г1илх» а деш, таллархойн ж1аьлеш гучудоьвлира, уьш цхьогална т1е тасаделира. Цхьогал шен ницкъ ма б-бу дедда, к1елхьарадала г1оьртира, ж1аьлеш цуьнан лорах доьлхура.
Хала дела балица церан ирачу цергех даьлла цхьогал. Цхьана доккхачу ж1аьлин багахь ц1ога а дуьсуш, коьллаш юкъахь цхьогал к1елхьарадаьлла. К1ад а делла, мацалла дала доллуш, чоьвнаш лозуш, 1уьллура цхьогал.
— Ва везан Дела, сан дайша а, ден дайша а, ворх1е а дас а цкъа а ца доладора-кх шайн г1уллакх «бисмиллах1ир-рохьманир-рохьим» бохучу дешнашца, сан х1ун г1уллакх дара бага д1аелла. Ма юьхь1аьржо ю xlapa! Акха-котамо х1илла ди-кх суна, — бохуш, холчудаханера цхьогал.
Цу хенахь дуьйна, шена акха-котам гича цхьогало цунна боккха го тосу, боху.
Ши къиг
Цхьана хенахь цхьа-ши къиг хилла ехаш-1аш.
— Чехка яха а г1ой, яах1ума ян хи да вайна, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.
Пома яьлла яхана, сиха хи а деана, яй чу а доьттина, яй кхе оьллина цо.
— Х1инца яха а г1ой, цхьанхьара вайна жижиг да, — аьлла йоккхах йолчо жимах йолчуьнга.
Нома яьлла, яхана жимах ерг жижиг лаха. Д1айоьдуш-йоьдуш, цунна ахархо гина, латта охуш. Говран гоа т1е а хиъна, къиг цуьнан жижиг ийзо йолаелира. И гинчу х1илла долчу ахархочо аьлла:
— Х1е, къиг, гоа т1ера а ца ийзош, п1ендаршна юккъера ийзаде и жижиг.
Цо дуьйцург бакъ а хетта, къиг п1ендарш юккъера жижиг йийзо йолаелира. 31ок йиттина-йиттина, к1ад а елла, цхьа а жижиган дакъа ца даккхаделира цуьнга.
Жижиг а доцуш, йоккхах йолу къиг йолчу юхайирзира къиг.
Оьг1азъяханчу къийго жимах йолчуьнга буьрса хаьттира:
— Жижиг деъний ахьа? — аьлла.
— Х1ан-х1ан, ца деана, — жоп делира жимачо.
— Ца деънехь, суна-м хьайниг а мегар ду, — аьлла, з1ок тоьхна, кхехкачу яйчу кхоьссира йоккхах йолчу къиго жимах ерг.
Хiуттут
Хьалхалерачу заман чохь 1аш-ехаш хилла, боху, цхьа х1уттут, шен кхаа к1орница. Цкъа нана-х1уттут цомгуш хилла. Яах1ума ян а, хи да а цхьа а воцуш, 1уьллура х1уттут, к1орнеша нана тергалъеш а ца хилла.
Т1аккха х1уттуто аьлла йоккхах йолчу к1орнега:
— Со хьагъелла, хи, дахьа суна мала!
— Ов-вай, ма шийла ю арахь, суна хала хир ду хи дан! — аьлла, дуьхьало а йина, ненан дехар кхочуш ца дина к1орнино.
Вукха шина к1орнега дехар дина х1уттуто, цара а, цхьацца бахьана а х1оттийна, хи ца деъна.
Т1аккха шен мел болу ницкъ а гулбина, шен бен а битина, т1ома а яьлла, д1аяхара х1уттут. Шаьш нана а йоцуш дисинийла хиъча, кхо к1орни мохь хьекха йолаелла:
— Ва, нана, юхаерзахьа! Оха хи а дахьар ду хьуна, яах1ума а яор ю, массо а х1уман т1ехь гlo а дийр ду, д1а ма г1охьа!
Амма х1уттут юха а ца хьожуш, д1аяхара. Оцу хенахь дуьйна к1орнешна шайн да-нана а ца доьвза, дена-нанна шайн к1орнеш а ца доьвза. Ур-атталла шен xloaш а х1уттута нехан бен чу дохку.