Нохчийн туьйранаш

Хамидова З.

ГIезаман 1елий, Туллам-Ог1ой

Г1езамхий, Пезаман 1елий, бохуш, да а, к1ант а хилла нохчех схьаваьлла. Цхьана дийнахь к1антана дагадеара, шен жа дебо, лам чу ваха. Оцу 1алашонца иза лам чу вахара.
Туллам-Oгlo хилла наьртех тоьлла наьрт. Иза хилла, исс эзар ц1е йолчу шахьарахь веха цхьа а стаг шен ц1е яккха ца ваьхьаш верг. Иза вахана Г1езаман 1ела волчу, ламанал говр а йолуш, ломан эханнал ша а волуш.
— Ваг1ахь, бертахь схьавалор ву, ца ваг1ахь, бертаза жа а, ша а валор ву, — аьлла, вахана Туллам-Oгlo.
Делкъа хан хиллале йолчу хенахь, говр кхаьчна цуьнан цига, делкъа хан хилча, ша а кхаьчна, Г1езаман 1елина вуьйцуш хезна Туллам-Oгlo. Туллам-Oгloc далале, Г1езаман 1елас салам хьалха ша делира. Цул т1аьхьа Туллам-Ог1она даг т1е кхерам тесира. Говра т1ера, хьаша санна, охьавоссийра цо Туллам-Oгlo.
Т1ехьаьжна ойла йира цо, мас уьстаг1 биъча, т1еравер вара-те xlapa хьаша, аьлла.
— Кхуьнга дера баалур бац цхьа уьстаг1 бен, цхьаъ баахь дика буу, — ойла йира цо.
Шена а, цунна а цхьацца уьстаг1 бийра цо т1аккха. ГIезаман 1елас цо юучу х1уманан тидам беш хилла. Юург меллаша юуш хилла цо. Туллам-Oгloc ах уьстаг1 баале, Пезаман 1елас дийнна уьстаг1 биъна, Туллам-Oгloc чорпин цхьа кад малале, Г1езаман 1елас чорпин яй мелла. Сахилча, шен жа генна д1а а лаьллина, хаттар дина Г1езаман 1елас Туллам-Oгloгa:
—  Хьо стенна араваьлла, цхьа г1уллакх доцуш веана хир вац хьо? Х1инца хьан г1уллакхе а хьожур ву со.
—  Со-м кхин доккха г1уллакх долуш а ца веана. Х1окху махка хьо веана, аьлла хезна, хьоьца гергарло таса веара, — аьлла, Туллам-Oгloc.
Туллам-Oгlo ц1а вахара. Цул т1аьхьа диъ шо зама елира. Шен осалчу наьрташка элира цо:
—  Г1езаман 1елин жа а дебна хир ду, со цигара ц1а веана диъ шо зама а яьлла. Аша, даха а г1ой, цуьнан жа схьадаладе, бертахь ваг1ахь, ша а схьавалаве, аьлла. Уьш баьхкина схьакхечира Г1езаман 1ела волчу. Кхузткъе кхо наьрт вара уьш.
—  Хьо бертахь ваг1ахь, хьо вига а, жа дига а даьхкина тхо, — элира цара цуьнга.
—  Со-м вог1ур вац, жа-м дуьгуьйтур ду ас, — аьлла, жоп делира Г1езаман 1елас.
Жа а лаьллина, уьш д1абахара. Цул т1аьхьа уьш гучуьра д1а а бовлийтина, шен говрана нуьйр а тиллина, Г1езаман 1ела хаьхкина ц1а вахара. Пхьоьханахь хиъна Iaш волчу шен дега элира цо:
— Дада, хьо ц1а ваг1ахь ара, хьоьца г1уллакх дара сан.
Да ц1а ца веара. Нене элира цо, наьрташа жа а дигна, ц1а веана со, кхузткъе кхо пха кечбе суна, аьлла. Ткъа ша секха1ад кечдан волавелира иза. Нанас т1аккха хьехар дира цунна:
— Схьавоьл, х1ума кхаллал, цкъа кхаьллина юург ткъаннан метта ю хьуна, шозза кхаьллинарг — шовзткъаннан метта ю хьуна, кхузза кхаьллинарг — кхузткъаннан метта ю хьуна, аьлла.
Логал чоьхьа йолуш, ца йолуш кхузза х1ума а кхаьллина, иза царна т1аьхьа ваха кечвелира. Нанас элира цуьнга:
—  Хьо юьртара дуьйна чехка водахь, т1аьхьа а кхиъна, кхера а велла, ц1а веънарг хир ву хьо, юьртах араваллалц, меллаша водахь, юьртара дуьйна меллаша вахара иза, т1аьхьакхиина хир вац, эр ду хьуна.
Юьртах валлалц, меллаша а вахана, т1аьхьа шен говр д1аэккхийтира цо. Вухахьаьжначу уггаре а осалчу наьртана гира д1адетташ долу суйнаш. Наьрто хаьттира шайн коьртачу наьрте:
— И йог1у ц1ераш, х1ун ц1ераш ю? — аьлла.
—  Г1езаман 1елин говран бергаша туьйсуьйтуш суйнаш ду уьш ламанах д1адетталуш дерш.
— И д1адетташ долу дохк, х1ун дохк ду?
—  Г1езаман 1елин говран мер1уьргах схьадетта дохк ду иза, — аьлла, жоп делла наьрто.
— Жа д1а а тасий, довда вай? — аьлла, юха а хаттар дира цо.
—  Довда мегар дац, ц1а кхаьчча, Туллам-Orloc дойур ду вай, кхузахь соьвцча, Пезаман 1елас дойур ду вай, — аьлла, жоп делира наьрто.
Т1аьхьакхиъначу Г1езаман 1елас кхузткъе кхо пха тоьхна, кхузткъе кхо наьрт вийра, шен жа схьа а даьккхина, шен г1отанера х1умнаш схьа а эцна, шен да вехачу меттиге, ц1а вахара Г1езаман 1ела. Ц1а кхаьчча, Г1езаман 1елас шен дега элира:
—  Арахь воьвзина ч1ог1а гергара стаг вара сан, Туллам-Oгlo бохуш, цига ваха пурба лахьара ахь.
Цуьнан дехарна жоп а делла, дас иза новкъа ваьккхира, Туллам-Oгlo волчу вахийта. Цуьнан яра ч1ог1а хаза зуда. Зудчунна, шен б1аьрг ма-кхийтти, Г1езаман 1ела ч1ог1а везавелира. Зудчо Г1езаман 1елина дийцира, Туллам-Oгloc бинчу тешнабехкан хьокъехь. 1уьйранна Г1езаман 1елас элира:
— Шена ахьа бина тешнабехк гучубаьлла, хьо шех лата веза, — аьлла.
—  Ша муха летар ву хьох, ша ламанан эхханал ма ву, хьоьга ша хьала а айалур вац, — элира Туллам-Oгloc.
—  Иза гур ду хьуна, вайшиъ лата ваьлча, — аьлла, жоп делира Г1езаман 1елас.
Летира и шиъ. Схьаэцна, Г1езаман 1елас Туллам-Oгlo гоьллец лаьттах вахийтира, т1аккха Туллам-Oгloc 1ела гоьллец лаьттах вахийтира. Цул т1аьхьа хьала а айина, 1елас Туллам-Oгlo деггец лаьттах вахийтира. Г1езаман 1ела цуьнан корта баккха воллучу хенахь:
— Вен ма вехьара ахьа, хьуна луъург дийр дара аса, — элира Туллам-Oгloc.
—  Делахь, кхечахьара латта а кхоьхьуш, кхо барз а бийр бу ахьа, кхо барз ахка а охкур бу ахьа, — аьлла, шен йийсарш а балош, Г1езаман 1ела шен да вехачу   метте   схьавеара.   Х1еттахь   аьхкина   баьрзнаш   «Аьхкинчу-Борзехь» аьхкина ду, олуш ду вайн халкъа юкъахь.

 
При использовании материалов сайта,
ссылка на groznycity.ru обязательна
Разработано на CMS DJEM
© groznycity.ru